Главная | Обратная связь | Поможем написать вашу работу!
МегаЛекции

И докх мунафикъал деш болч нахер йолаш цхьац 1амал я, цхьац г1улкхш да. Цар уьш йич царн т1е и докх мунафикъал т1е дог1ш йол.




Зулам

· Докх зуламан массал:

Аллах1ас ях: «Баккъалла а, АллахIаца нокъостий нисбиначарна, АллахIа Ялсамане хьарам йина. Цуьнан воьрзу меттиг (я Iойла) жоьжагIате хир ю, гIоьнчий а хир бац зуламхошна.» Сура ал-Маидах1 72-г1а аят

 

· Жимчу зуламан массал:

 

Аллах1ас ях: « Ткъа АллахIан дозанаш талхийначо, ша-шена зулам дина. » Сура Т1алакъ 1-ра аят

Фесакъалла

 

· Докх фескъаллан массал:

Аллах1ас ях: «Баккъалла а, мунепикъаш - уьш бу-кх песакъаш.» Сура ат-Тауба 67-г1а аят

 

· Жимчу фескъаллан массал:

 

Аллах1ас ях:

«ХIай, иман диллинарш! Нагахь хьарамчу [песакъ] стага шайна тIе цхьа хаам бахьахь, таллалаш[цу хаамах дерг] - цахаарца [бехк боцчу] нахана эшам [ я бохам] цабархьама. [Нагахь аш и ца дахь] дохкох девр ду шу шаьш диначунна.» Сура Хьуджурат 6-г1а аят

 

Мунафикъалла

· Докх мунафикъаллан массал:

Аллах1ас ях:

Шаьш хьо волчу баьхкича олу мунепакъаш: «Тоьшалла до оха, хьо АллахIан элча хиларан». Аллах1ана хаьа, хьо Шен элча вуйла, ткъа АллахIа а до тоьшалла, мунепакъаш харцлуьйш хиларан. Ал-Мунафикъун 1-ра аят

 

· Жимчу мунафикъаллан массал:

Абу Х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мунепакъан кхо билгало ю: ша цхьаъ дуьйцучу хенахь – аьшпаш бутту цо; ша цхьа ва1да йича – (ша йина) шен ва1да кхочуш ца йо цо; шех тешча – тешнабехк бо цо»

(Х1ара хьадис далийнарш бу: ал-Бухари 33, Муслим 59)

 

67 - УРОК

Хаттар-жоп 172

1- 172-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?

https://www.youtube.com/watch?v=BTcl3dtgN_A

 

Жоп: Къуран чохь а, суннатехь а докхч фесакъалли а, жимч фесакъалли а массалш малах дарш да?

· Докх фесакъалин (дин чур ар воаккхаш дол фесакъал да яр) массал да къуран чохь:

«Бокъалаъ мунафикъаш (1акъидатехь дол докх мунакфикъал), уьш фесакъ нах бу» Сурат Тауба, 67-г1а аят

Окх аятаьхь буьцаш барш шай 1акъидатехь нифакъал долш бол нах ба. Ишта окх аято вайн гойт шай 1акъидатехь мунафикъал даьл бол нах, иза докх мунафикъал хилар цаьргар даьлларг.

Ишта окх аятехь го вайн докхч фесакъаллин массал:

«…массар суджуд дир иблис доцург/доьхьалделар (Адаман лараман суджуд ца деш/охь ца то1аш), и иблис жинашах дар, ше Дела омран 1еса хилар из» Сурат Ках1ф, 50-г1а аят.

Окх аятехь го вайн иблис Делан омран доьхьал даьл - керст хилар. Вукх аятехь Аллах1ас иблисигар даьллар докх фусукъ хилар гойт вайн. Докх фусукъ бусалб динчур ар воаккхаш да.

Иштта Аллах1и дош:

«Оха иза к1елхьарваьккхир (Лут1) боьх х1уманаш лелош хила йолу юьрт чуьр араъваьккхина, бокъалаъ а боьха а, вуо а, хьарама а нах бар уьш бар уьш.» Сурат Анбийа1, 74-г1а аят

Окх аятехь Аллах1а уьш фасикъ нах бар аьл хьахийна, кхеч аяташкахь уьш керст бар аьл хьахийна уьш. Т1акх вайн гуч дол окх аятехь уьш фасикъ ба аьл хьах бар, уьш керст хилар маь1ан долш хилар.

Оц лекхар кхоъ аятехь вайн гуч дол иза (оц къоъ аятехь дуьцаш дерг) докх фусукъ хилар, саг дин чур ара воккхуш долу.

· Жима фесакъаллин массалш далор ду вай х1инц: (жим фесакъалла докх къа лораш да, амма дин чур ара воаккхаш дац)

 

Аллах1ан дош да: Шайгар хьарам хьам даьллаъ доцаш бол зударашан т1е ц1етиллар хьокъехь нахац лелла аьлла «Цкъа а цаьргара тешалла къобал ма ди, (х1унда аьлча) уьш фасикх нах бу шуна»

Сурат Нур, 4-г1а аят

Цул совнах яр Аллах1ан дош: «Х1ай иман диллинарш! Нагахь шайна цхьа фасикъ стаг ваг1ахь цхьа хабар дахьаш, цо деан долу и хабар бакъ ду я дац хьовсалаш хьалх, хаа ца хууш бехке боц цхьан нахан шай коч дахале» Сурат Хьажурат, 6-г1а аят

Хьалхар аятехь цара харц ц1е кхоьллан, цара динарг докх къа да амма дин чур ар болаш бац уьш. Из вайн мишт хов? Дала ях оц бехк боцаш бол зударшан цара ц1е кхоллахь цул т1аьзь шай яхар бакъдеш 4-ъ тоьшалхо цар хьавал ца вахь царна 80-з г1аж тух. Уьш и ц1е кхолларц дин чур ар бовлаш балхьарехь цер хьукам уьш байъар хирг дар, амма Дала царн 80-з г1аж тух ях, цул т1аьхь цаьргал тешал цкъан-цкъаъ т1е ма лац ях. Т1акх вайн биллгал дол жим фесакъаллин массал яр хилар.

 

Шолг1 аятехь вуьцаш вол «фасикъ стаг» 1еса волаш вол бусалб стаг ва, хьан аьлча керс стагигар тоьшал къобал деш/т1елоцаш дац.

 

68 УРОК

Хаттар-жоп 173

1- 173-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?

https://www.youtube.com/watch?v=tkR9i75EFAI

Жоп:

Хаттар ду: Докхчу мунафикъалли а жимчу мунафикъалиа массалш муьлхурш ду?

· Доккхачу мунафикъалан массалш бакъарат сурат чохь хьалхар аятахшкахь ду.

Ишта Аллах1ан яр къамаьл а да: «Бокъалаъ а и мунафикъаш шаьш Аллах1 1ехош ву моттуш бу муххал а И ву уьш 1ехош» Сурат Нисаъ, 142-г1а аят

И мунафикъ нах жоьжаг1атан чохь даимнаъ хир болуш бу, керст нахац цхьан хьан аьлач цар динар докхох дол мунафикхал да 1акъидатангахь, гучохь цхьаъ гойташ дагчохь керстанал долш. Оц лекхи вай дал дин дол аятан чакхенгахь ма аллар Аллах1ас: «Мунафикъаш жоьжаг1атахь уггаре лахар чу бухахь хир бу (керст нах сан)»

Ишта Аллах1ан яр дош да докх мунафикъал билгалдокхаш:

«Хьо волч мунафикъаш баьхкача/хьо волч уьш нисбелча (мажлисехь), цара олу: «Оха тоьшал ма до хьо Аллах1ан элч хилар», Аллах1ан хаъ хьо Ше элч вуй, Аллах1а тоьшал ма до бокъаллаъ и мунафикъаш пуьтш буттуш ма бу»

Сурат Мунафикъун, 1-ра аят

Оц шин аятахь дуьцаш дерг докх мунафикъал ду. Динчур ар воаккхаш долу, даиман а жоьжаг1ате а хирйолу цун бахьанехь.

И докх мунафикъал деш болч нахер йолаш цхьац 1амал я, цхьац г1улкхш да. Цар уьш йич царн т1е и докх мунафикъал т1е дог1ш йол.

Массала:

· Аллах1ах кхардар / Аллах1ан сийдоцурш дийцар

· Цун элчанах кхардар / Элчан сийдоцурш дийцар

· Аллах1и, Цун элчи дагц харц вар

· Къуранах кхардар

· Аллах1е дин сакхте ларар

· Адмиш Аллах1е динах гена дах г1ертар

· Керст нех законш хьалайб г1ертар / Цер законш бусалб нех чаррел а дикох/тоьлаш хетар/г1олехь хетар

· Цар керст нахан г1о дар/ керст нахан цар г1о дар бусалб нахан доьхьал

· Керст нах бусалб нахан т1аьхь толам баьккхач хаз хеттар, цунах баккхи бар

· Бусалб умматехь бол 1елам нахан лер, царн оьг1ан ихар, цар деш дол нийс д1аават ца дезар

· Умматехь бол дик нахан динаьхь нийс бел бол бол нах сийсаз бар.

· Жимчу мунафикъаллан массалш. (Жим мунафикъал даккхи къиношах лораш ду, дин чур ар воккхуш дац)

Цун массал пайхмаран (Аллах1ер къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис да:

«Мунепкъан билгалонаш кхоъ ю:

· Ша цхьаъ дуьцучу хенахь аьшпаш буьтту цо

· Ша ва1ад йича, ша йин йол вайада юх йо цу

· Шех цхьаъ тешча цунна ямарта хуьла иза/тешнабехк бо цо»

Поделиться:





Воспользуйтесь поиском по сайту:



©2015 - 2024 megalektsii.ru Все авторские права принадлежат авторам лекционных материалов. Обратная связь с нами...