Главная | Обратная связь | Поможем написать вашу работу!
МегаЛекции

Къуръан чуьра аят хилча мегар ду кочахь лело?




https://www.youtube.com/watch?v=4ZQQ-KgHncg

 

Жоп: 1елам нах башх баьлла окх хаттарехь. Шин декъе бекъ белла.

Декъ къуран чур аяташ т1е яздин дол жайнеш коч охк мегарг да аьлла цхаьц бол салафаш, амма царех дукхох чара маг ца дина из. Уьш маг ца дин чарех ва:

- 1адуллах1 ибн Укайм

- 1абдуллах1 ибн 1амр

- 1абдуллах1 ибн Мас1уд (ибн Мас1уди мут1еламаш а)

Дел рез хийл царн массарнаъ.

 

Къуран чур аяташ а т1е яздин дол жайнеш лел да ца магин аьл чар г1олехь лоруш ду тоьлуш ду/дикох дерг а ду.

Х1унда ду иза г1олехь лоруш аьлча:


Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Жайн (х1ума) коч оьлнарг, (шен ву болх ца хилит аьл, я шен б1аьрг ца хилит аьл) оцу коч оьллина йолу х1уманах тешна вуьтар ву (оц х1уманах тешан вуьтар вукх из Аллах1ас)»

Ø Элчано Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна коч охк мегарг дац жайнеш олуч хенахь дерриг жайнеш юкъ лаьцна.

Схьадина пайхмар дош ду жайнеш лел да ца магарн т1еч1аг1деш, амма царн юкъер цхьанаъ тайп жайн докхш х1умаъ дац.

Ø И тайп жайнаш лелор ца магарехь къуран сийлал ларъяр ду, х1унда аьлча из жайн стаго ламаз кар доцш лелор ду, ар вуьдш метти хьур ду и кху тайп вуо меттигашкахь а.

Ø Ишта къуран т1аьхь дол жайнеш лелаъ деш нах бовлуш ойхьаз боьвла кхиъ хьарам долш чун т1е боврг ба.

Ø Ишта тайп жайнеш ца магдарехь некъ д1акъовлар ду, гал ял йол 1акъидатан т1е буьгш бол. (И 1акъидат ю, Аллах1ех д1ах1отдал дизаш дол дегнаш жайнешах д1ах1отдойтш йол). Къаьстина х1окх заманчохь, х1унда аьлча х1окх заманчохь ч1ог1 даьржна ширк а, харц акъидаташ а.

 

73 урок

Хаттар-жоп 180

1- Хин дерг хаьа бохучух тешаш волчунна хьукма хlун ду?

https://www.youtube.com/watch?v=ytEOOBSQT4g

Жоп:

Аллах1ас ях: «Ахь ала: «Хууш яц къайле стигланашкахь а, лаьттанашкахь а болчарна Аллах1 воцшчунна»»

Сурат Намл, 65-г1а аят

Аллах1ас ях: «Къайленна дог1наш (пхи къайле ю окх аятехь йуьцуш ярг) Цуьнгахь ду царех дерг И воцучунна цхьаненна хууш дац»

Сурат Ан1ам, 59-г1а аят

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь цхьаъ 1арафнаъ/ках1инаъ (къайленаш хаъ бохуш верг) а т1еъ веан цуьнг лаъ доьхан, цо аьларг нагахь бакъ дахь Аллах1а Мухьаммадан т1е доссинчунц керстаналла дина цу»

Тирмизи 4-г1а корта, 15-аг1о

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь цхьаъ, къайленаш хаъ шен бохуш волчуъ веана цуьнга муьлхаъ цхьа х1ум цо хаттахь, т1аккха цо дел дол жоьпех из тешаъ тешахь – 40-г1а дийнахь ламаз къобал дийр дац цуьн.»

Муслим 7-г1а корта, 37-г1а аг1о;
Ахьмад 4-г1а корта, 68-г1а аг1о, кхиъ Сафияс (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина Ахьмад жайн чохь 5-г1а корта, 380-г1а аг1о

 


74 УРОК

Хаттар-жоп 183

1- Седа Iилмана хьажаран хIун ду?

https://www.youtube.com/watch?v=OkBmEtDDsGU

 

Жоп: 1елам нах седаршк хьежар кхаъ (3) декъе деккъа:

1) Нагахь стег дагчу ойл ялехь окх дунент1 хулуш дол хьамнаш, хулш бол хицам оц седарчиш хулитш ба аьл. Дик дар луш дар, ву дар юх тухаш дар седарчий да аьл, Аллах1и сифаташ оц седаршк да аьл уьш тешаш балехь, бериг бусалб нех барт болш оц нах динарг керстанал ду.

 

2) Нагахь латт т1ехь цхьа хьам хилла, т1акх нах ол стиглахь седарчий ишт окз тайпан гулделла из бахьан долш хилла вайн яр х1ум оли, амма оцун т1е тух цар «Аллах1ан пурбанц хилла из оли. Аллах1а ишт оц седарчех бахьан оттийна дина вайн из оли». Ишт оц х1уманах пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иза сихьранах (бозбончоланах) цхьа дакъ ду аьлла.

1елам нех барт хилла и х1ум хьарам хиларехь. Амма хьарам хилар муьлха дарже кхоч те аьлча уьш бикъ белла.

Цхьаболчара и х1ум динаьхь цу стеган т1е керстаналла дог1а аьлла.

Цхьаболчара керстаналла ца дог1 аьлла. И керстаналла ца дог1 аьлчара цу стага динарг дакхи чарех къа ду аьлла.

Усама аль Утайбис сахьихь дерг оц стаг динарг докх ширк хилар ду, х1унда аьлча:

- Сихьрах цхьа дакъ ду цу лелинарг

- Дел къайлех цхьа къайле ша йуьйц яхаш дол х1умаъ ду цу лелинарг

 

3) Нагахь наха, седарчий некъ бовзар хьам пайд оьцуш хилахь, шай къилба билгал доаккхач хенахь. Ишт хьолехь ца мегш х1умаъ дац.

-----------------------------------------------------------------------------------------------

Аллах1ас ях: «Иза шуна седарчий кхоьлнарг ву, цаьргхулане шуна некъаш кардайтархьам лаьт т1ехь цхьанахь доьлхач хенахь а, х1орд т1ехь шу цхьанахь доьлхач хенахь а»

Къуран: 6-г1а сурат, 97-г1а аят

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла дийцина: «Муьлхаъ тайп седарчешан т1аьхь пал тийсар 1илма цхьам 1амдахь, цу 1амийнарг (схьаэцнарг) сихьранах цхьа дакъ ду, и сихьр 1аморехь сов вер ву из кхиъ т1е из 1аморехь сов мел волу».

Абу Дауд 4-г1а корта, 16-г1а аг1о; ибн Мажа 2-г1а корта, 1649-г1а аг1о, 3726-г1а лоьмарехь хьадис ибн 1аббасу дийцан аьл.

Шейх Албани «Сунан Аби Дауд» ол жайнехь 3905-г1а лоьмарехь тешаме дуй хьаьжжа.

 

75 УРОК ЦIахь бен болх Хаттар-жоп 184

1- 184-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца?

https://www.youtube.com/watch?v=3mTs-PtgpNw

 

Жоп: Седарчешцани дог1 дехаран хьукма х1у ду?

Ишт оттийна ду хаттар. Оц хаттаран жоп луш 1елам нах ши х1ум хьхийна:

- Стага седаршк дуьхуш велахь, цар дог1 доуьт аьл дог тешан волш, цу деш дар докх керстанал ду

- Стаган дог тешан ву Аллах1 хилар дог1 доуьйтуш верг, амма и цхьа сед къастаъ бой и сед хилар бахьан долш догй вайн дог1 дол ол цар. Т1акх цар деш дерг жим керстанал ду.

Окх хаттарехь со кхитар, бусалб сагс ши деш дол до1 цхьан Аллах1иг бен да йиш ца хилар. Аллах1ас Шег цхьанниг бен дичи и къобал дийриг ца хилар. Наг сан цу Аллах1ац цхьан, накъост тухахь цкъан-цкъаъ цу стеган геч дийриг ца хилар. Даиман йол жоьжаг1ате и стаг г1орг хилар.

Аллах1ас ях:

«Баккъалла а, АллахIа геч ца до, Шеца накъост нисварна, дисинчу (я цулла лахарчу) къиношна геч до Цо, Шена лиъначунна. Ткъа АллахIаца накъостий нисбечара кхуллуш дерг, инзаре доккха къа ду.»

Сурат Нисаъ, 48-г1а аят

Аллах1ас шег цхьанниг бен ма дих вайг аьл хилч, Ша вай до1 къобал дийр ду аьл хилач хьекъалц 1а д1алаьрчаъ нийс ца хул кхичунг дехар, (коьрт дол вай дин вай ца хьихдичаъ) я кхивар юкъ отвар (цунгхол дих дагахь) х1унда аьлча, я стигланаш латтанаш кар долш волчо, къимат де инзаре докх хьам дакх из, и деъ Ше кар долш волчо яхш хилч Шег цхьаниг дих Ша къобал дийр ду шу до1.

Аллах1ас ях:

«Нагахь Сан лайша хьоьга Сох лаьцна хаттахь, ткъа Со уллохь ву‚ доIа дечуьн кхайкхамна жоп ло Ас, и Сайга кхайкхича. Ткъа цара а лойла Суна жоп, Соьх теша а тешийла уьш‚ - нийсачу новкъа баха мега уьш.»

Сурат Бакъара, 186-г1а аят

Нах (посредник) вой юкъе отвеш вол саг, цхьа хьам кар долш ма вац, ша валхьарехь шен цкъан-цкъаъ зе,бал т1е боайтарг ма бацар цу, и балаъ ца хьахбеш «къит1мир» олаш дол хурман т1ер чкъораъ ма дац цер кар Аллах1ас къуран юкъе ма аллар.

Аллах1ас ях:

«Таков Аллах, ваш Господь. Ему принадлежит власть, а те, к кому вы взываете помимо Него, не владеют даже плевой на финиковой косточке.»

Сурат Фат1ыр, 13-г1а аят

Islamannur.org сайт чу я сурат кар ца дир сун гочдин вай матте.

Таухьид т1е бол бусалб нах Аллах1ац цхьан цхьа хьам ца отдо. Шеко йолш дол х1ум шеко йоцш чун т1е хуьйц. Тешаме дар ду, бух болаш ду цхьан Аллах1е до1 дар, дог1 доьхучу хенахь я муьлхаъ кхи х1ум доьхучу хенахь. Шеконаш мел дол хьам хьарам хьаман т1е дуьгуш х1ум ду.

 

76 - УРОК

 

Хаттар-жоп 185
1- Цицк некъ хадича, я дес ведар долуш цхьаъ дуьхьал кхетча некъ ца тов аьлла тешар мегаш дуй?

https://www.youtube.com/watch?v=gY0yJcEYh30

Жоп: Пайхмара (Аллах1ера къинзетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Воч билгаллонах тешар – ширк ду»

Абу Дауд: 4-г1а корта, 17-г1а аг1о

Пайхмара (Аллах1ера къинзетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла дийцина: «Воч билгаллонах тешар ду, цхьа билгалло хьайн гича «х1арам дика билагалло ю» аьлла хьо нагахь сан д1аъ ваг1анехь, я «х1ара во билгалло ю» аьлла са некъ ца та мег аьлла хьо юх вирзнаьхь»

Г1ийл хьадис ду. Ахьмад: 1-ра корта, 213-г1а аг1о.

Хьажа: «ал-Муснад» Ахьмад Шакирс гочдин дол 3-г1а корта, 239-г1а аг1о, доьмар 1864

 

Мегар дац. Ширк лоруш ду. Даккхи къиношах ду. Бусалб стаг Аллах1ан т1е болх буьллуш хила везаш ву. Циск, я ведар я кхи йол хьам, бахьан оьттан шен г1улкх хир дац аьлла цунах тешар ширк ду. Лекх хьадисехь пайхмара (Аллах1ера къинзетам а, маршо а хуьлда цунна) ма аллар:
«Воч билгаллонах тешар ду, цхьа билгалло хьайн гича «х1арам дика билагалло ю» аьлла хьо нагахь сан д1аъ ваг1анехь, я «х1ара во билгалло ю» аьлла са некъ ца та мег аьлла хьо юх вирзнаьхь».
Джах1иль заманахь а хилла кхунах тер х1ум. Нах шай новкъ довли олхазарш стигал хьал хоьцуш хилла. Аьтто аг1лор олхазар г1оаттехь вай некъ дик хир бу/новкъ довл мегарг ду, эру аг1ор г1оаттехь некъ ву хирг бу
олаш хилла цар.
Изза ду вай заманахь нахан юкъахь лелаш йолу джах1ль, Аллах1ан цхьан т1е болх билч Из тоаш ва Цу Ша яхаш хилч, цицкан, ведаршан, т1ергашан ишт кхи д1аъ хьамнашан т1е болх билар 1овдал хьамаъ да къа хил ца 1еш.

 

 

77- УРОК Хаттар-жоп 186
1- Бlерг хилар бохург бакъ дуй, хуьлш хума дуй иза?

https://www.youtube.com/watch?v=fHWDyJCBVgw

Жоп:

 

Пайхмара (Аллах1ера къинзетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Б1аьрг хилар (бохуш дерг) – бакъ ду»

Бухари: 7-г1а корта, 24-г1а аг1о
Муслим: 7-г1а корта, 13-г1а аг1о абу Хурайрагар

Окх хьадисехь вайн билгал дол б1аьрг хулаш хилар.

 

Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла «Дарбне долу рукъияш деш цун (йо1ан), х1унда аьлчи, б1аьрг хилла цун.»

Бухари: 7-г1а корта, 23-г1а аг1о
Муслим: 7-г1а корта, 18-г1а аг1о Умму Саламегар

 

Окх хьадисаьхь вайн билгал долу юхаъ б1аьрг хилар, цул т1аьхь оц б1аьрган дарбнаш лел да дизаш хилар. Динаьхь магийна долу дарбанаш.

 

78 - УРОК Хаттар-жоп 187-188
1- Кеги къиношна геч деш долу хlумнаш ху ду?

https://www.youtube.com/watch?v=jcQ2CJF6geM

 

Жоп: Аллах1ас ях: «Нагахь шу даккхичу къиношах ларлахь (шайна ца магийна долу) т1аккха Оха гечдийр ду, шу кегийра къиношна, сийлахь меттиге (ялсмане) а кхачор ду Оха шу»

Къуран 4:31

Аллах1ас ях: «Бокъалаъ а дикачу 1амалаша вонаш д1адоху»

Къуран 11:114

 

Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Айхьа муьлхаъ цхьа вониг дича, цун т1аьххьи дикниг делахь. Оц 1а динч дикно и ахь дин дол вониг д1адокхур ду хьун»

Тешаме хьадис ду Абу Зарс дийцан.

Сунан ат-Тирмизи. Албанис проверк йин 1987-г1а лоьмар к1ел.

 

Окх аяташкахь а, хьадисехь а вай билгал дол, стаг дакхи къиношах ларлойхьа, Дала цу еш йол дик 1амалца цун кеги къинош д1адохаш хилар.

79 – УРОК


Хаттар-жоп 189


1- Даккхи къинош муьлхаш ду?

https://www.youtube.com/watch?v=zrghhsFH6ag

 

Жоп: 1елам нах дакъи къиноши барам билгал боаккхаш тайп-тайпан аьлла.

 

· Цхьаболчара боху:

Къуран чохь цун та1азар барам къастийна долу къа ду доккха къа. Массала: Къаркъ мелчун та1азар билгал даьккхан ду, зина динчун ду, стаг вийнчун ду иштта кхи д1аъ 7 та1азар ду кхуран чохь билгал дин.

Х1ара дош г1ийла ду (д1а1иф ду). Х1унда аьлча пайхмара дакхи къинош дийцан, амма цунах хил дизаш дол та1азар къуран чохь къастийна а доцаш.

· Кхечара аьлла:

И доккха къа массоъ тайп къа ду, и динчунна наь1алт кхайкхина долу, я и къа динчунна Аллах1 оьг1аз ваг1ан ву аьлла долу, я и динчунна жоьжаг1ате хир ю аьлчунна я кхидолу муьлхаъ тайп 1азап хирду аьл долу.

 

Х1инца даккхи къинош хьахор ду вай:

 

Ø Абу Бакара (Аллах1 реха хуьлда цунна) дийцина, цкъа Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре доккха къа довзийта аса шуна? Уггаре доккха къа довзийта аса шуна? Уггаре доккха къа довзийта аса шуна?». Наха элира: «Довзийтахьа, х1ай Аллах1ан элча!». Цо элира: «Иза – Аллах1ца накъостий нисбар ду, дега-ненага лацадог1ар ду». Оцу ерриге а хенахь д1атаь1на 1уьллуш вара иза. Циггахь, охьа а лахвелла, элира цо: «Боккъалаъ, изи – аьшпаш а, харцтоьшалла а ду!». И дешнаш, юх-юха олуш, бехира цо, сан (коьрте х1ара) ойла яллалц: «Х1а-х1а, соцур вац иза»».

 

ал-Бухари 2654; Муслим 87

 

 

Ø Ибн Мас1уда (Аллах1 реха хуьлда цунна) дийцина, ша Аллах1ан элчане (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «Х1ай, Аллах1ан элча! Муьлха къа ду уггаре а доккха?». Цо жоп делира: «Ахьа Аллах1ца накъостий нисбар ду, хьо кхоьллинарг Ша цхьаъ волучу!» Цо хаьттира: «Ткъа цул т1аьхьа?». Цо жоп делира: «Хьайн бер дер ду – цо хьайца шун декъарна кхоьруш (я: цо хьайца юуург яарна кхоьруш)». Цо хаьттира: «Ткъа цул т1аьхьа?» Цо жоп делира: «Шен лулахочуьнан зудчуьнца зина дар ду»»

ал-Бухари 4477; Муслим 86

 

Ø 1абдуллах1 ибн 1амр ибн ал -1аса (Аллах1 реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, стага шен дена а, ненна а не1алт алар – уггаре даккхийрачу къинойх ду!» (Наха) хаьттира цуьнга: «Х1ай, Аллах1ан элча! Ва муха эра ду стага шен дена а, нанна а не1алт?» Цо жоп делира: «Х1аъ, иза кхечу стеган дена сийдоцурш дийца волало – т1аккха важа а волало цуьнан дена сийдоцурш дийца. Иштта иза кхечу стеган нанна сийдоцурш дийца волало – т1аккха важа а волало цуьнан нанна сийдоцурш дийца!»

ал-Бухари 5973; Муслим 90

Даккхи къинош дуккхаъ ду, вай массалин хьахийнарш царех цхьа дарш бен дац.Дала лар дойл вай царех.

 

80 - УРОК

 

Хаттар-жоп 190-191

1- Тоба къобал хила муха хила дезаш ду?

https://www.youtube.com/watch?v=J3FklfjdINY

 

Жоп:

Тоба къобал хург долаш шен чохь кхоъ хьам чулац диз цу:

- Къа дитар (сацдар)

- Даггар дохко валар

- Цкъан-цкъаъ оц къан т1е юх ца верзар/дог ойлаъ ца хилар юх верз

 

Х1ара стагани Аллах1ани юкъе долш дол х1умангахь ду, амма цхьан кхич стаган зулм динехь, я цунах во дош аьллехь, я цунгар цхьаъ лачкъайинехь, оц лекхи вай хьахин дол кхаъ х1уман т1е кхиъ диалог1 дар т1екхит, иза:

- И стаг къинт1ер ваккхар, цун хьакъ юх дерз дар.

Хьан аьлач окх дунент1 цу цун хьакъ юх ца дерз дахь къимат дийнахь шен ял д1аял йизарг я цун, д1аял ял ца хулехь ша зулам дин волч стаги къа т1е лац дизарг да.

 

Пайхмарс (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма аллар: «Нагахь цхьангахь харцонц/зулманц ше дол ерзийна шен веши х1ума ялахь, тахан хьалхволийла иза цунах, х1унда аьлчи бакъ дуьненахь я динар хир дац (д1адал), я дирх1ам хир дац. Нагахь оц стега диканаш делахь, доьххьара цун диканашан т1ер диканаш схьаъ эц, цу зулам дин бол нахан д1адоькъар ду, нагахь сан цунгахь диканаш дацахь цу зулам дин хил вол веши къинош схьаъ эцца цунна т1екхуьссур ду уьш.»

ал-Бухари 3-г1а корта, 99-г1а аг1о;

Ахьмад 2-г1а корта, 506-г1а аг1о абу Хурайратигар (Дела реза хуьлда цунна)

 

 

81-УРОК

Хаттар-жоп 192-193

1- Тоба къобал де чера маца соцуш ду?

https://www.youtube.com/watch?v=yZUx_NTnbfw

 

Жоп:

Аллах1ас ях: «Баккъала а, АллахIа Шена тIелаьцна тоба къобул дар, цахаарца вониг даьлча, сихха дохкобовлучийн. Церан дохкохбовлар (я тоба) къобулдо АллахIа. Хууш, Хьикмате ма вай АллахI.»

Къуран 4:17

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Бокъалаъ, Аллах1а Шен лайне тоба къобал до цун са узар т1е кхаччалц».

ат-Тирмизи 5-г1а корта, 547-г1а аг1о.

«Сунан ат-Тирмизи» чохь далийна Албанис 3537 лоьмарехь

Окх хьадисехь го вайн Аллах1а Шен лайну деш дол тоба къобал деш хилар, са узалц. Са уз дул делчул т1аьхь стаг мел ч1ог1 дохко волехь а пайдан дац.

 

Х1ара стаг ша-ша воаккхаш цунц доьзнар ду, амма дерриг халкъан гергахь тоба дар маца соцуш ду аьлча:

 

Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сахьт (къимат де) х1уттур ма дац, малх ша бузехьара хьал баллалц. Амма из хьалбаьлча(бузехьар) массо нах им дуьллар ду. Амма цу хенахь цхьанаъ стеган пайдем хир дац из». (Яр перевод нийс йи хьажа ваш)

ал-Бухари 7-г1а корта, 191-г1а аг1о;

Муслим 1-ра корта, 95-г1а аг1о Абу Харайратигар(Дела реза хуьлда цунна)

Кхузахь вайн къаьста малх бузехьар хьалюаьлча цхьан саго дина тоба падан ца хилар, х1ара стага ша-ша лаьцча цун са далар герг дича цу дина тоба пайдан ца хилар.

 

82-УРОК

Хаттар-жоп 194

1- Даккхи къинош дечера юх ваьлла воцуш велларг жоьжахатехь хир вуй?

https://www.youtube.com/watch?v=yPzCazjacNU

 

Жоп:

Г1ур ву. Амма Аллах1 цхьаъ веш из хил велахь цхьа хан яккхан ар вер ву жоьжаг1ат чур, цул т1аьхь Аллах1а ялсмане вог1итарг в.

Иманц болаш, Аллах1 цхьаъ вин болаш бол бусалб нах, амма даккхи къинош долаш бол, я ваджиб долаш дол хьамнаш ца деш дитан бол бусалб нах жоьжаг1ате г1орг болаш ба шай къиношк хьаьжжан.

Цхьац чарн ц1е к1ажош т1е кхаччалц хьал ярг я, вукхарн настарш т1е кхаччалц ярг я, кхичарн голаш т1е кхаччалц, цхьац барш ц1ерз хьал буьзан хург ба амма цар суджуд дин йол меттиг йоцар.

 

Х1ара стага ша-ша дин дол къиношах 1азап эц чул т1аьхь, Аллах1ас пубр лург ду пайхмарнаъ, малайкашнаъ, бусалб наханаъ цхьац-цхьац доз къастаъ деш шафа1ат да. Цхьа доз къастаъ дина и тоб нах ар бохарг ба Аллах1ас жоьжаг1ат чур, юх цхьа доз къастаъ дин уьшаъ ар бохарг ба и кхи д1аъ.

 

Цул т1аьхь дагчу цхьа мискъала зарратин (к1оллан буьртигал) иман дагчу дарш ар бохарг ба Аллах1ас жоьжаг1атчур.

 

 

Пайхмара ма аллар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Ла илах1а илла Ллах1 аьлла чунна цхьан дийнахь пайд бийр бу цу дешнаш, цул хьалх цу 1азапаш хьегахь а»

 

Т1абарани «ал-Му1джам ал-Авсат» 6533 лоьмар, ал-Саг1ир 1156 лоьмар

Силсила сахьихьа 1932 лоьмар

 

83- Урок

Хаттар-жоп 195-196

1- 196-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?

https://www.youtube.com/watch?v=qH95ObvCtc8

 

Жоп: Оттина хаттар ишт да:

Цхьана мух нийса да диза пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла дола дешнаш «Цун г1улкх Дела карахь ду. Шена лаахь Цу цунна геч дийр ду, Шена лаахь Цу цунна 1азап лур ду», х1ар доши (кхул хьалх хил дол хаттаран юкъер) «Шен вонаш диканашалла сов даьлла вол стага жоьжаг1ате г1ур ву аьлла дола дешнаши».

Х1ара ши дош цхьан муха нийс дийр ду?

Оц цаьршинна юкъахь цхьан ца дог1уш х1уммаъ дац. Аллах1ан Шен цхьанин геч да лиинчунна барт ат хоттур бу цуьнг.

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сийлахь вез Аллах1ан герг г1ур ву шух х1орруъ, (и Ше лай д1аъхьулвина) Дала эра ду цуьнга: «Х1араъ/д1ориг ахь дина дуй?» Лайно жоп лур ду: «Ду». Ша делийнарг т1еъч1аг1дойтуш мукъарло дойтур ду цуьнг Сийлахь везч Аллах1. Цул т1аьхь эра ду Дала: «Хьо дуьнен чохь волч хенахь хьул вир Ша хьо нахал ца воаккхаш ткъа тахана Ас геч до хьуна оц къиношн»

ал-Бухари 8-г1а корта, 203-г1а аг1о

Муслим 8-г1а корта, 105-г1а аг1о ибн 1умаригар (Аллах1 реза хуьлда цунна)

Амма шай къинош бахьанехь жоьжаг1ате г1орг болчарех аьлча, уьш шайга ч1ог1 барт хаьттанарш бу.

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь массо х1уманах лаьц стаге барт хаьттанехь – цун 1азап лур ду»

ал-Бухари 7-г1а корта, 197-г1а аг1о, 6536-г1а хьадис

Муслим 8-г1а корта, 164-г1а аг1о. 1айшатигар (Аллах1 реза хуьлда цунна)

 

 

84-Урок

Хаттар-жоп 197-198

1- Ху дича довлалур ду вай нийса новкъа?

https://www.youtube.com/watch?v=kFkxFdfvVXc

 

Жоп: Къуранас а, суннатас а яхар дич. Цар ма ди яхар диттарц, ди яхар дарц довл лург да вай нийс новкъ т1е.

 

Аллах1ас ях: «АллахIана а, Элчанна а муьтIахь берш, АллахIа шайна дика динчу пайхамарашца, бакъ нахаца, шахIидашца, дикачаьрца хир бу. Мел дика накъостий бу-кха уьш.»

Къуран 4:69

Окх аят юкъе буьцаш бол нах ба хьалхар (фатихьат) суратангахь буьцаш берш.

Аллах1ас ях: «Нийсачу новкъа нисде Ахьа тхо, Айхьа дика диначеран новкъа, Хьайн оьгIазло хиллачарех а, я нийсачу новкъах тиллачарех а боцучеран.»

Къуран 1:6-7

Дала стаг оц нийсачу новкъа т1ехь нийс вар иза инзаре йокх сийлала ю шел йокх сийлала хил йиш йоцаш.

Пайхмара (Аллах1ер къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: « Аса къеган нийс некъ битан шун. Со д1аваьлч цхьаъ вер ма вац цу некъан т1ер билгал тилвеллар бен»

Ахьмад 2-г1а корта, 126-г1а аг1о. ал-1ирбад ибн Сариягар (Дела реза хуьлда цунна)

Ал-Силсила ал-Сахьихьа 937-г1а лоьмар

 

Поделиться:





Воспользуйтесь поиском по сайту:



©2015 - 2024 megalektsii.ru Все авторские права принадлежат авторам лекционных материалов. Обратная связь с нами...