Главная | Обратная связь | Поможем написать вашу работу!
МегаЛекции

Хьадис ал-Бухари 34 ; Муслим 58




Ишта оц мунефакъ неха билгалонах ду:

· Нах шайн т1едиллина долу аманатаьхь ямарт хилар

· 1амал еч хенахь рияъ (моттарг1наш) лел яр

· Джих1ад ца дар / ше аьтто баьлч хенахь из да ният а ца хилар

· Шен кхиниг везаъ моттийтуш (дагчохь цун резаъ воцуш) и везар гуч дахар

· Ансараш ца безар

69 УРОК.

Хаттар-жоп 174-175

Бозбуунчарла лелош верг бусалб вуй?

https://www.youtube.com/watch?v=GNK9uROD8T0

Жоп: И бозбунчал лелош волчу бозбунчал шайт1нашкар схьауьцаш делахь и стаг керст хуьлуш ву.

Аллах1ас ях къуран чохь:

”Керстаналла Сулаймана ца динир и керстаналла динарш шайт1анаш дар, нахан и бозбунчал 1амош. Тхойшиъ адмиш зе даийтина ду, керстаналла ма де. Шайн зе дохьарг дол х1ум 1ам дор цар оц шингар, я шайна пайд хир боцш дол х1ум. Царн хаъ ма хаар (и бозбунчал караъ дерзин из лел динарг) цунна эхартахь дикан цхьаъ дакъ ца хилар“

Сурат Бакъара, 102-г1а аят

Оц аято вайн билгал до бозбончал лелош верг керст хилар. Сихьр лел дар хьарам хилар т1ехь а шеко яц.

Бозбунчал деш вар ве вез аьлчарех бу:

· 1умар ибн аль-Хатт1аб

· 1абдуллах1 ибн 1умар

· Хьафса бинт 1умар

· 1усман бин 1аффан

· Джунду ибн 1абдуллах1

· Джунду ибн Ка1аб

· Къайс ибн Са1ад

· 1умар ибн абдул1азиз

· Ахьмад бин Хьанбал

· Абу Хьанифа

Ишта кхечаргара а. Аллах1 реза хуьлда царна.

 

Имам Шафи1ис аьлла и бозбунчал деш верг вуьг ву наг сан цун бозбончал юкъе керстанал далехь.

 

70_УРОК

Хаттар-жоп 176-178

1- Мегш йолу рукъятш муьлхаш ю?
2- Мегш йоцу рукъятш муьлхаш ю?

https://www.youtube.com/watch?v=v0x38fE21es

 

Жоп:

Саган бозбончал лел дин хилч, цун т1ер и бозбунал д1адакх мегарг дац кхич бозбончалц. Ишт тайп бозбончал «дарбан» аьл лел да мегш дац динехь. Мегш йоцаш йол рукъятшн йукъе дог1 из.

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Х1ай Аллах1ан лайш дарбанаш лахлаш шайн, хьарам долч х1уманц дарбнаш ма лел делаш»

 

Кхеч хьадисаьхь ях пайхмарс (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «Аллах1а шун хьарам дин х1умангахь шун дарб хулитш дац шун»

 

И ши хьадис далил да сихьранц дарб лел дар хьарам хилар.

 

Амма нагахь сан саг сихьранах парг1ат вакхар кхочуш деш далахь цамгарх хьалх воаккхаш дол до1нашцаъ, шар1о магин дол ларвеш дол азкарашца а уьша мегш йолу рукъятш юкъе йог1.

 

· Мегш йолу рукъятш уьш ю уьш йекъ къуран а, суннат а чур схьаэц йолу, 1арбо маттахь а йолу. (Амма 1арбо маттахь ца хилчаъ мегш ю уьш, наг сан цу юкъехь ширк я хьарам хьам ца хилч хьан)

Шейхо и цамгар хьакхйел волчун йоьшуш йол рукъятшан кхоъ шарт1 (услови) хьах йо:

 

1. Къуран чур а, суннат чур а хил йиз уьш

2. 1арби маттахь хил йиз уьш

3. И рукъятш йоьшаш верг а, и рукъятш шен т1е йоьшитш верг а хууш хил виз и шиъ оц до1нашах хулаш бол пайда хулаш ца хилар Аллах1 пурбанца бен

 

Джабраил малайко (Аллах1ера маршо хуьлда цунна) пайхмаран (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешна и рукъятнаш, пайхмар шен асхьабашнаъ дешна, асхьабаш а дешна цар уьш дешча пайхмар цаьрга х1уммаъ ца аьлла (нах1и дин, я ма ди из аьл).

 

· Мегш йоцу рукъятш уьш ю уьш къуран чура а йоцаш, я суннат чура а йоцаш я 1арби маттахь а йоцаш, ишт ярш шайт1и белхаш да. Адмо и тайп хьама шайт1ан герг ваг1 лел до.

Шейхо вайн довзит окх хаттарехь сахьирш лел деш дол жайнаш, шайн чохь докх керстанал долш дол жайнаш, массала:

- Шамсуль ма1ариф

- Шумусиль анвар

Яр ши жайн вай хьалаьцча, ислам динах хьакх луш доцаш, керстанал, ширк, хьарам хьамах дуьзан ши жайн да яр щиъ. Амма из яздинчо уьш ислам динах долш сан ц1ерш техкан арахецца, нах 1ехор хьам.

Оц жайн чу дуьцаш дар бусалб саг ларвал визаш дол зьам да, хьан аьлач дин чур ар воакхарг волаш хьамнаш да уьш. Шай шайт1иц йол з1е ч1аг1ярхьам оц бозбончалш лелош боьхал я из.

 

Т1аьххьар яр хаттар дерзош эр ду вай. Рукъятш кхаъ тайпан йекъало:

1) Мегш хиларех барт хилларш ду

2) Мегш ца хилар т1ехь барт хилларш ду

3) Къовсам хилларш ду (Меги те я ца меги те аьл)

 

1. Мегш хиларех барт хилларш ду шар1о билгал даьх магийн дол до1наш ду (Къуран чоьхь дол до1наш, суннат чоьхь дол до1наш, къуранана я суннатана доьхьал дог1уш доцу асхьабаш лел дин дол до1наш ду, кхечар лел дин дол до1наш ду)

2. Ца магин дол до1наш ду 1елим нех барт хил дол мегар дац аьл до1наш ду. Шайн юкъахь ширк долш дол до1наш ду, шайн юкъахь маь1нах ца кхитш дол до1наш ду.

 

3. 1елам нех кховсам хилла до1наш ду кхоран чур аяташ цхьан кехат т1е язаъ дой и кехат хи чуъ дуьлли, цу т1ер шекъ хиц даша а дой, юх и хи цонгаш волчунг моллаъ молит, цу хиц из лийчаъ луьчит. Оц хьаман т1аьхь 1елам нех къовсам хилла.

 

71_УРОК

Хаттар-жоп 179

1- Кочахь жайна лело а, куьга тlе бlерг ца хилита тай дехка а, иштта цу тайпа долу хlумнаш лелон мегаш дуй, далилац жоп ло?

https://www.youtube.com/watch?v=fki-iIg5t40

Жоп: Кочахь охкаш дол жайнаш, куьг т1е б1аьрг ца хилит тай дехкар а ишта цу тайпана йолаш йол хьамнаш жим ширк юкъе йог1аш я, докх ширк юкъе йог1аш хил тарло стаги даги хьаьжан.

И ерриг хьам лил яр шайт1и мекарло я. Ирч бид1атш ду уьш. Ширк юкъе дог1ш да.

Хьалхар далил и х1уманаш лелор хьарам хилар гойтуш дол:

Пайхмара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Жайн (х1ума) коч оьлнарг, (шен ву болх ца хилит аьл, я шен б1аьрг ца хилит аьл) оцу коч оьллина йолу х1уманах тешна вуьтар ву (оц х1уманах тешан вуьтар вукх из Аллах1ас)»

Шайх Сулайманас (Аллах1а къинхетам бойл цунах) аьлла: «И х1ум д1аолар дагца хулаш ду, белхаца а хулаш да. Нагахь саг и х1ум д1аъоьллан т1акх дагца тешахь ша оц х1умно к1елхьар вокхар ву я шен цу г1о дийр ду аьл, Аллах1а и стаг оц х1уманах тешна вуьтур ву. Нагахь стаг Аллах1ан т1е болх биллахь и х1умнашах тешаъ ца тешаш я уьш лелаъ ца деш, т1акх Аллах1а цун г1улкхаш ат дийр ду, цу стаган г1оъ дийр ду.

Шолг1 далил и х1уманаш лелор хьарам хилар гойтуш дол:

Элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша ваг1 ваьлла новкъаъь волуш геланч (гонец) ваг1ийтира нахе хаам ба: «Йитанеъ ма йита (цхьанаъ аг1ор ма йит) эмкале вортах хьарчина ватарех дина туьтеш (я туьтеш)* хадаъ дин д1адакхаз» Бухари, Муслим

* Хьадис дийцан чунна билгал ца хаъ пайхмарс (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ватарех дин туьтеш аьлла, я декъ туьтеш аьлла.

Кхоалог1 далил и х1уманаш лелор хьарам хилар гойтуш дол:

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда) аьлла: «Бокъалаъ рукъа (ширк юкъехь дол до1наш), жайнаш охкар, г1омаллаъ а ширк лоруш ду»

Пайхмар (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда) аьлла: «Шен т1е жайн оьлнарг, ша даг лаьц дол х1м кхочш ма дойл цун Аллах1»

И хьамнаш куьг т1е, ворт т1е, машен т1е, дийнаташан т1е охкар къилахь ду, мегш дац хьарам ду. Оцар цхьанаъ тайпан г1о дийр дац. Ширк да и х1умнаш лелор.

 

УРОК

Хаттар-жоп 180

Поделиться:





Воспользуйтесь поиском по сайту:



©2015 - 2024 megalektsii.ru Все авторские права принадлежат авторам лекционных материалов. Обратная связь с нами...